Решаем вместе
Не убран мусор, яма на дороге, не горит фонарь? Столкнулись с проблемой — сообщите о ней!

25-г1а апрель – Нохчийн метан Де!

Лараме, Шелковски к1оштан бахархой! Нохчийн къоман мотт ларбарна а, кхиорна а т1едоьг1на, Нохчийн республикана куьйгалхочуьна омрийца нийса а дог1аш, 25 апрелехь лаккхарчу т1ег1анахь д1ахьо и Де  даздаран а и билгал даккхарана а мероприятиш. Вайн маттах лаьцна, к1орггерачу, чулацамечу дешнашца вист хиллай,  вайн республикан дуьххьарлерачу Президентан, Российн пачхьалкхан турпалхочуна  Ахьмад-Хьаьжийн (Дала г1азот къобал дойла цуьна!), к1ант Рамзан Ахматович Кадыров. Кхин т1е тоха дешнаш дисана дац. Бийца а, хаа а, лара а беза, ненан мотт.

Шелковски к1оштара бахархой декъал а беш, лаьара Айдамиров Абузара «Ненан мотт» ц1е йола стихотворении дага яийта.

Айдамиров Абузар

НЕНАН МОТТ

Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзунийн баннашна уллохь
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли.
Декара, дог хьоьстуш довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
ДIатуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш
Декара, дог Iийжош, доруш.

Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.

Ненан мотт, хьуна тIе тийжаш,
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла гIиттош,
Ловш Iийна уьш буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Вы можете оставить комментарий, или ссылку на Ваш сайт.